ГIаланаш

Нохчий чуьр яккхийн  гIалийн список.

Соьлжа-ГIала

Соьлжа-ГIала— Нохчийн Республикин столиц ю, Грозненски райони юкъ ю. ГIала ю Сунжин а, Теркан а шина агIора Iуьллуш.   Соьлжа-ГIала – Къилбседа Кавказехь йоккха гIала ю.  1818 — 30 декабрехь 1869 – Грозныкрепость. Бахархой - 280263 стаг.

Хьалха - Марта

Хьалха -Марта—  Росси-пачхьалкхехь гIала,Нохчийн  Республики Хьалха - Мартан райони  административны юкъ. ГIала Iуьллуш ю Март-хи тIехь,  Соьлжа-ГIалин  31 км.Хьалха – МартантIехь Март-хин тIе кхета Таьнг-хи.Бахархой - 54248 стаг. ГIала  1990 шарахь дуьйна.

Шела

Шела — Росси-пачхьалкхехь гIала,Нохчийн Республики Шела райони административны юкъ. Бахархой — 50,4 эзар стаг.  ГIала Iуьллуш ю къилбер агIонан   Нохчийн  наклонни  байтогIехь   Джалк-хи тIехь. ГIала 1990 шарахь дуьйна.

Гуьмса

Гуьмса— Росси -пачхьалкхехь гIала,Нохчийн Республики  Гудермесски муниципальны райони административны юкъ. ГIала Iуьллуш ю  Белк – хи тIехь, Соьлжа-ГIалин  40 км малхбалехьа. Бахархой  50009стаг. ХIоьттан  XVIII бI., гIала 1941 шарахь дуьйна.

Орга-ГIала

Орга-ГIала— Нохчийн Республикехь гIала.Бахархой — 33207 стаг.ГIала Iуьллуш ю Нохчийн (Грозненски) предгорны равнинехь, Орга-хи тIехь,  Соьлжа-ГIалин  16 км малхбалехьа. ХIоьттан  XVIII бI., гIала 1967 шарахь дуьйна. Хьалха лера цIераш: Орга, Устрада-гIала, Колхозны.

Нохчийн Республик

Йойзуш йолу керланаш

Нохчийн мотт хьоьху студи

Юридически консультацеш

Членстван анкета

Соьлжа гiалан радио

Кхолламаш

Йойзуш йолу теманаш