Символика

Нохчийн Республикан байракх

Нохчийн Республикан байркх ю йиъкIов, шораллин йохаллигхьа  2:3 из лаьтта кхаа   басахьахь болу могIанех -  баьццаран, кIайн, цIен; дечиган уллехула хьалабоьдуш болу кIайн могIа бу шораллин  1/8 кIадин йохаллин, цунна тIехь  йииллинина  ю, можа бсахь  нохчийн къоман орнамент.

 

Нохчийн Республикан герб 

Нохчийн Республикан пачхьалкхан герб ян закон тIеэцна Нохчийн Республикан  къоман гулламан Парламенто  2008 – чу шаран  15 – гIа  чу майахь.

Магийна Нохчийн Республикан Парламентан  Совет Республико  2008 шеран 22 – чу майахь.

ХIокху законо дIахIоттайо  Пачхьалкхан герб официально лелаян магийна хилар.

Статья 1.  Нохчийн Республикан  Пачхьалкхан   гербан Статус

Нохчийн Республикан    герб ю официальны нохчийн пачхьалкхан символ.

Статья 2. Нохчийн Республикан    гербах лаьцна.

Нохчийн Республикан  герб йилларан бахьан хIоьттан нохчийн къоман менталитет а, нохчийн къоман меттиг  тахана лерачу  дуьненан хьолахь.

Нохчийн Республикан герб ю йиъ басахь: цIен, можан, синан, кIайн. Цуьнна юккъе догIу : лаьмнаш а, бIойнаш а, мехкадаьтта докхуш буру туху вышканаш а. И компазицеш юккъе лаьцна йиъкIов юккъехь  йолуш биллина го.

Можачу кIан кенаш гойту нохчийн къоман комаьршалла. КIан кенан лакхахь диллина ду беттасин а, седин а сурт можа басахь. Гондахьа йиллина ю цIен басахь нохчийн къоман арнамент. Гербан го сийна басахь бу.

Нохчийн Республикан гимн

 Дешнийн автор - Кадыров Хож-Ахьмад

 Мукъаман автор - Бексултанов Iумар

 

Харцоно ц1е тесна хийла хьо ягарх,

 Нохчийчоь ца йоьжна, г1аьттина яха.

 Кавказан ткъес хилла, маршонан ага,

 Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.

 

 Барт болу хьан къаьмнаш – мах боцу беркат!

 Хьо йоцург, Нана яц, нохчийн халкъ хьаста.

 Тхан дехар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь,

 Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.

 

 Башламан баххьашка дайн синош дуьссу.

 Органа тулг1ено ненан мотт буьйцу.

 Исбаьхьа совг1ат хьо, азаллехь делла!

 Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!

 

 Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,

 Хьалкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна.

 Машаран г1аролехь ирсан некъ тайна,

 Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!

 



{chechen_republic}

{popular_news}

{chechen_lang_studio}

{legal_advice}

{anket}

{groz_radio}

{presentation}

{cloud}