ДАЛА КЪОБАЛДОЙЛА САГIA!

25 лютого 2021

Лараме вежарий! 1944 шеран Чиллан беттан 23-гIа де, нохчийн къоман бехк а боцуш, ямартло lедало тlе бала беана lаьржа де ду.

Нохчийн къам цIера доккхуш инзаре баларш хилла, масех меттигехь нах багийна, бердах кхийсина. Мацалло, шелоно баларш алсам даьхна. И де диц ца дар хlора нохчичунна декхар ду.

Украинехь йолу Нохчийн диаспоран а, старейшини Советан а хиллачу бартаца, цу хьолехь дlа мел кхелхинчу Нохчочунна тleра сагlа даккха сацам бина. Дала къобал дойла вайн сагlа, церан синошна кхаъ болуш дlaкхачадойла и!

Дала Сий дойла церан!

Дала гIазот къобал дойла церан!