ГIиллакхийн хазна
Нохчийн гIиллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. ХIунда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, гIиллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг дIахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац.
Адамаша вовшашца лело дезачу гIиллакхийн кепаш дуккха ю/ Адаман цIе бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ цIарца Далла къематдийнахь дуьхал цIеначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза гIиллакх. ХIора а угар хьалха, шен деца-ненаца гIиллакх лаьцна, иза дIакхоьхьуш хила веза: церан сий-тIалам беш а, цара аьлларг кхочушдеш, царна муьтIахь хила веза. Нагахь санна, шаьш гIаш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру агIор, жима тIаьхьо хIоьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам хIоьттинехь, воккхачуьнгара хьалхе яккха а еза. Иштта деца-ненаца кIоршаме цахилар, уьш кхайкхича – кIеда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, гIо дар, чохь-тIехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха хIуманах тIехь ду доьзалхочунна.
Дайшца-наношца леладо гIиллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу доттагIашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца а.
Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу гIо-накъосталла деш хила веза х1ора гIиллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.
ГIиллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка хьажжина, шен духарца оьзда хилар. «Духаре хьожжий тIелоцу хьаша, хьекъале хьожжий новкъа воккху», – и кица халкъо эрна ца кхоьллина.
ВорхI гIиллакх
Кхуьийла Нохчийчохь ворхI тIаьхье къоман,
ЦIерш дагахь латтаеш ворхIе а ден.
ВорхIе а стигал кIел ворхI нана хьоме,
Йиц ца еш, ехийла вайн ворхI тIаьхье.
ВорхI ден цIе ца хуург лай лоруш хилла.
ВорхI нана йицйинарг ву кхузза лай.
Лайн амал сих йоьлларш безна бац Далла.
Ларлойла цу амалх ворхI тIаьхье вайн.
ВорхI йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,
Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.
ВорхI вашас йишин дог цхьатерра хьоьсту:
Цхьатерра ло цунна дог хIораммо.
Ду нохчийн ворхI гIиллакх ворхI ломал сийлахь:
Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,
Дайн гIиллакх дIакхехьар, йижарий сий дар,
Собар дар, бакъ хилар, цIе ларъяр шен.
Цкъа а ма хедийла нохчийн къам дайн хазачу г1иллакхех!